ПАСЕ-н рапорт тIехь яздийриг бакъ ца дина Кадыровс

Нохчийчохь къизаллаш лелорах Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн (ПАСЕ) рапортехь яздинарг бакъ ца дац аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш ю бохуш, шаьш кхоьллинчу историйн бух тIехь хIоттийна ду и документ, цхьаболчу гIирсаша ницкъбина… ( оха лелош дац и дош, хIунда аьлча кхузахь бац и тайпа нах) бохуш, даржийначул тIаьхьа.

Кадыровс билгалдаккхарца, Нохчийчу баьхкина бац ПАСЕ-н, я Европан Кхеташонан векалш а, бакъонаш ца ларйо аьлла, яьржина информаци талла.