ГIалгIайчохь некъан бохамехь диъ адам лазийна

ГIалгIайчуьрчу "Магас" аэропортна гена йоцчу Сунжехь тIеман "Урал" машен а, "Газель" а вовшахкхетта хиллачу бохамехь лазийна виъ стаг, ду царлахь кегий бераш а, хаамбо "Интерфаксо".

"Некъан бохамехь лазийна цхьа зуда а, кхо бер а Сунжа кIоштарчу дарбан цIийне кхачийна", - яздина "ГIалгIайчоь" хьостано.