Куьршалахь герз духкуш лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо

Макаровн тапчан 300 сов патарма бухкуш Куьршалахь лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо Гарданов Апти, "Кавказан узел" агенталло яздарца.
Полисхоша ша левечу хенахь мукIарло дина цо, кхи а цу кепара масех зулам дина ша аьлла, хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Дуьхьалдаьккхина бехкзуламан гIуллакх Талламан комитето Шеларчу кхеле дIахьажийна къасто. Талламчийн версица, 2010-чу шарахь Гардановс герз а, граната а, патармаш а эцна, ша вехачу Малгобекан кIоштахь лардеш хилла. 2016-2018-чу шерашкахь Нохчийчоьнан территори тIехь лелош хилла цо герз дохкар-эцар.

Полисхоша бахарехь, 4-5 шарна набахтехь яккха хан кхачайо Гардановна.