Коррупци лелош меттиг гучубалахь арзде аьлла бахархошка

Коррупцина а, кхечу экономикехь низамаш талхорна а дуьхьал къийсам латторехь шайна гIо хилийтархьама Нохчийчоьнан экономикан, юкъараллан кхерамзаллан Кхеташоно бахархошна лерина тешаман телефонан лини схьайиллина.

Нагахь коррупци лелош, я низамаш талхош меттигаш шайна хаалахь доьху цара, шайга телефон а тоьхна, информаци дIакхачор.