Нохчийчохь вийначу тIемалочун ваша дIалаьцна Ростовхь

Нохчийчохь вийначу тIемалочун 22 шо долу ваша лаьцна Ростовн кIоштахь. Социалан "ВКонтактерчу" машанехь Къилбаседа Кавказан декъа тIехь гIаттамхойн болам бакъбеш аудио а, видео а материалаш а яржорна бехкевина и жимстаг. "360" телеканало бо и хаам.

"Оьрсийчоьнан Iедалхошна а, эскархошна а, пачхьалкхан бахархошна а дуьхьал къизаллаш лелор кхайкхош, динашлахь мостагIалла марсадоккху билгалонаш йолу материалаш оьхкина хилла цо шен агIон тIехь", - дийцина телеканална ницкъаллийн структурехь.

Цхьана ханна Ростов гIалахь латтош ву лаьцнарг, дуьхьал бехкзуламан гIуллакх а долийна.