ГIалгIайчоьнан Республикан 26 кхачар даздийр ду Несарахь

ГIалгIайчоьнан республикан 26 шо кхачарна лерина барамаш дIахьур бу тIедогIучу шоьтадийнахь Несарахь, хаамбо мехкан синбахамаллин министраллан зорбанаша.

Байначу беттан 4-чохь билгалдаьккхира ГIалгIайчохь 26 шо кхачар, амма урхаллан векалша дийцарехь, мархийн бутт хиларна дIететтинера шуьйра даздарш. Оцу бараме кхайкхина бу дуккха а арахьара хьеший, шайлахь иллиалархо Согдиана а, ГIалгIайчоьнан халкъан артист Димаев Iела а волуш.