Наркотикашца доьзна 384 гIуллакх диллина Нохчийчохь

ТIаьххьарчу эхашерачохь Нохчийчохь наркотикаш лелийна аьлла, 384 гIуллакх диллина. Прокуратуран зерашца, кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна байначу батте кхаччалц дерриг а наркотикашца а, психотропан молаханшца а доьзна 384 зуламан гIуллакх ду айдинарг.

Оцу юкъанна наркотикаш юхку 28 стаг ву кхеле валийна. Ерриг а цаьргара схьаяьккхинарг ю 15 кила.

Your browser doesn’t support HTML5

Наркотикаш бахьанехь лецнарш

Бинчу талламмийн зерашца наркотикаш юхкуш лаьцначу 27 стеган а, баккхийчу барамашкахь Iалашъеш хиларца гучуваьллачу 53 вахархочун а довхоттуш ду.