Окуева Аминин цIарах урам хир бу Киевехь

Урамашна цIераш тохкучу комиссино кхааридийнахь дIакхайкхийна Киеверчу Шевченкон кIоштарчу урамна Окуева Аминин цIе тилла шайн лаам хиларх. ГIалин кхеташонан депутато Пинзенык Олесяс бина и хаам, яздо Страна.ru портало.

"Хазахета цу кепарчу лаамна массо а тIетайна: ГIирмин-гIезалойн меджлисан куьйгалла а, халкъан депутаташ а, цуьнан тIеман накъосташ а", - аьлла депутато.

Хаамбарца, керла проектехь болу урам бу иза. Гергарчу заманчохь юкъараллехь дийцадоккхур долуш ду и хаттар.

Яхначу гурахь Киевна герггахь муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттинера Окуева Амина шен цIийндеца Осмаев Адамца йоьдучу машенна.