"Царна яа-мала а ло, тIе а духу"

Кавказерчу махкахь леш бацабарх

Your browser doesn’t support HTML5

"Царна яа-мала а ло, тIе а духу"

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Кхарачойн-Чергазийчоьнан парламентера депутат, гоьваьлла дойлелорхо Салпагаров Хьасан бехкево лайш бацорна.

"Альтернатива" боламан хаамашца, кхаа шарахь а, эха шарахь а алапа а ца луш, говраш яжайойтуш, вацийна цо Владимирск кIоштара вахархо Скосырев Алексей.

Ша Салпагаровс бакъ дац боху иза, я Скосырев вевзаш а вац шена бохуш, чIагIонаш йо.

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь цхьаьннан лоллахь болу нах кIелхьарабохучу "Альтернатива" боламо зорбане яьккхира 11 шарахь маьхза Кхарачойн-Чергазийчохь вацийначу Скосырев Алексейх лаьцна материал.

Оцу боламан жигархоша чIагIдарехь, Скосырев воцург а, жа дажош лаьцна хилла кхи а ши стаг араваккха каяьлла церан.

"41 шо ду Алексейн. Цо даредарехь, цуьнан синхьийзаме истори йолаелла 11 шо хьалха, ша вехачу Владимирскан кIоштахь шена бан болх лаха иза волавелча. Чергазийчуьра веанчу цуьнан лулахочун гергарчу стага кховдийнера цуьнга болх, Iан меттиг а йолуш",- аьлла, яздина "Альтернативас" шен артиклехь.

Догреза хиллачу Алексейс юьхьанца цементан заводехь болх бира, цул тIаьхьа Чергазийчу гIишлошъян дехьавелира. Карара кехаташ дIадаьхнера цуьнгара, луш ахча а дацара.

Масийттазза вада а гIоьртинера иза, амма хIоразза а лоций, юхавалавора хIусамдена. Эххара а чов йира Алексейна, цуьнах ницкъ хуьлура цунна сихха водуш, цундела йита дийзира вадарх ойланаш. Лоьраш ца кхайкхира Алексейна, чевнна мехий дехира медицинаца цхьана а кепара зIе йоцчу стага.

ХIинца а шен ког хаалуш бац цунна, астагIа а висина. Хьоладайша кара-кара луш белхаш бойтура цуьнга. 3,5 шо хьалха кхечира иза болх бан вевзаш волчу дойлелорхочун Салпагаров Хьасанан хIусаме.

Салпагаров Хьасан – "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах депутат ву Кхарачойн-Чергазийчоьнан парламентехь.

2015-чу шарахь Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а юкъахь конфликт иккхича Life.ru хьостано ши сюжет арахийцира бизнесхочух Салпагаровх лаьцна. ХIетахь шина пачхьалкхан юкъаметтигаш ийгIича, совдегар дуьхьал хилира Туркойчуьрчу шен партнерашца контракт дан. 200 эзар долларна мах болу контракт куьйг ца яздеш, дитира депутато. Ша Оьрсийчоьнан патриот вуйла дIахаийтар дара и цуьнан.

Бизнесхочух гайтинчу видеотIехь, "Альтернативас" чIагIдарехь, тIехьарчу планехь (45 секундера 50 секунде кхаччалц) гуш ву Скосырев, говрийн божал чохь болх беш. Life.ru гIирсо ларамза ваьккхина иза видео тIе.

Ткъа Маршо Радиога Салпагаров Хьасана дIахьедина, Скосыревс шен декъа тIехь цкъа а болх бина бац аьлла.

Иза тешна ву, гурахь дIабахьа леринчу харжамашца доьзна хилар зорбанехь, ша лешбацорхо ву аьлла, материалаш гучуйийлар. Меттигера Iедал бехдан гIерта цхьаъ, аьлла бу бизнесхочун хьажам.

"Ас прокуратуре дIахьедина, адвокат а лаьцна оцу хьокъехь. "Альтернатива" боламна дуьхьал арз а чуделла, къийсалур ву сайн-ма хуьллу", - боху дойлелорхочо. Life.ru интернет-гIирсо яьккхинчу репортаж тIехь верг кхи стаг ву боху цо. Текст зорбане йоккхучу заманчохь Салпагаровс Маршо Радиога оцу стеган телефон схьа ца кхачийра. Ша волчуьра балхара дIа а ваьлла, хIинца махкал арахьа къахьоьгуш ву иза элира цо

– Лешбацорхо хуьлчу кепара стаг вац Салпагаров Хьасан. Бизнес ю цуьнан, говраш лелош ву иза. Оьзда, Iилма долуш стаг ву иза. Нагахь цунна дуьхьал гIуллакх а долийна, "хIара ду", "важа ду" аьлла, бехкаш дахкахь, тIаккха дерг ша ду. Латта лело мохк бу хIара: дукха нах бу-кх цIеначу хIаваэхь 10-15 эзар соьмах а бежнаш дажор долуш. Мила латтор ву кхузахь нуьцкъаша? Хабар ду иза, - аьлла Маршо Радиога Кхарачойн-Чергазийчоьнан парламентан пресс-гIуллакххойн хьукматан куьйгалхочо Соколенко Натальяс.

Белхан юкъаметтигаш кхечу кепехь хила тарло аьлла а хета Соколенкона:

- Шена къаьркъа доьттича аьллий-те цо (журналисташка), шегара царна хаза луург? Цу тайпан нах мел дукха бу хаьий шуна? Царна юург а ло, тIе а духу, дика лела а бо уьш. Уьш дика Iаш а бу, вокзалехь буьйсанаш йохуш лелар бар-кх уьш, - аьлла, тешна ю Соколенко.

"Керланаш" агенталлана интервью елла Скосырев Алексейс. Шен къамелехь цо тIечIагIдо, ша Владимирскан кIоштарчу Лукново эвлара схьаваьлла хилар. Меттигерчу юьртан администрацехь а бакъдира Маршо Радиона, и цIе йолу стаг цигахь цкъа мацах ваьхна хилар.

- Юха а вирзина дIавахчхьана дIадолу. Амма кхеташ хила деза- лаьмнашкахь цхьаъ бен некъ цахилар, оцу некъатIехула дуккха а деношкхаь дIаэха деза. Готта меттиг бу иза, цундела къаьсташ хуьлу, тIевеънарг а, бухарниг а. Хьуна тIекхиъначу машенлелорхочо хьайн хиллачу хIусамдена юха вуьгур ву хьо, я цхьа кхечунна дIалур ву вацо, - дуьцу Маршо Радиога Скосырев кIелхьаравоккхуш хиллачаьрца цхьаммо.

Цо дийцарехь, оцу 3,5 шерачохь говраш лелийна Скосыревс. Баттахь 12 эзар сом лур ду аьлла, бартбинера цуьнца, амма цкъа а ца делира цунна ахча.

Йийсархо лаьттинчу цуьнан дайна паспорт юхаметтахIоттош, гIо деш бу жигархой.

Лаьмнашкахь говраш яжочу заманчохь, шен хIусамдайшца зIе латторхьама Скосыревн караелла мобилан телефон хиллера.

Цундела юьхьанца аьтто хуьлура цуьнан шен цIа телефон тоха а. ТIаьхьо Владимирск кIоштахь лехамашка веллера иза. ТIепаза байначийн тептаре а ваьккхира.

Скосыревца хилларг тIе а яздина, Кхарачойн-Чергазийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле чу кехаташ делла "Альтернативан" жигархоша.

Маршо Радиоца къамел динчо бахарехь, карарчу хенахь меттигерчу полисхоша луьттуш ю шайн каракхаьчна материалаш, тIаьхьо республикерчу Талламан комитете дIакхачор ю цара уьш.

Вуьшта кхарачойн-чергазийн полисхой дуьхьал бу Москох бахана Скосыревга а, лаьмнийн дежийлашкара маьршаваьккхинчу кхи шинга а хеттарш дан. Ткъа шайггара шайн хиллачу совдегаршна дуьхьал арз дан ца лаьа царна, амма кийча бу Скосыревн кхелехь тешаш хIитта.

Делахь а, Кхарачойн-Чергазийчу талламхойн хеттаршна жоьпаш дала ши теш а, боламан жигархой а бахийта ахча дац "Альтернативан".

Салпагаров Хьасанан хьокъехь чукхачийначу арзан хьокъехь комментари яла духьал хилира Кхарачойн-Чергазийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххой.

Ткъа республикан Талламан комитетан пресс-секретаро Шуваев Сергейс дIахьедира Маршо Радиога, Салпагаровх хаькхалун цхьа а метериалаш шайга хIинца а кхаьчна яц аьлла.

Лаьмнашкахь жа дажочу Скосыревн наггахь аьтто хуьлура социалан машанашка вийла. 2015-чу шарахь дуьйнна "Одноклассникашкахь" йиллина шиъ, "ВКонтакте" цхьаъ аккаунташ ю цуьнан. Лаьмнашкахь, говрийн фонехь даьхна суьрташ ду цуьнан цу агIонашкахь. Цхьа кIезиг нах бу "доттагIашлахь", доккхачу декъанна я Владимирск кIоштарчу Лукновера я Вязниковн эвлара бу уьш а.

ВКонтактера Скосырев Алексейн аккакнт

Цуьнан "доттагIашлахь" йолчу цхьана зудчо Маршо Радиога дийцира, Скосырев вевзаш яц ша, амма шо хьалха социалан машанерчу шен аккаунтехула шега гергарло кховдийнера цо аьлла.

Цуьнца "доттагIашлахь" хиллачу цуьнан юьртахочо Маршо Радиона тоьшалла дира, Скосыревс гIо доьхура, социалан машанашкахь, амма иза маьршаваккха дукха хан ийшира аьлла.

"ВКонтактерчу" Скосыревн аккаунтехула гIоьртира Маршо Радио цуьнца зIе лаца. Социалан машанех къайлах пайдаэца аьтто болура шен, амма Маршо Радиогара 15 эзар сом ахча дийхира цо интервью лург, шена финансаш оьшуш хилар билгал а доккхуш.

Скосыревгара интервью ца ийцира оха: шаьш комментареш оьцучу нахана мах ца ло Маршо Радиос.

Текстан автор Литой Александр, гочйинарг Димаева Лиза