ДаIишхоша шайна тIелаьцна Торонтохь герзаш деттар

Торонтохь герзаш деттар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. ТIемалошца йоьзначу AMAQ агенталлан хаамашна тIе а тевжина, бина и хаам Reuters хьостано. Оршотдийнахь Канадерчу Торонто гIалахь динера тIелатар.

Шахьаран урамерчу кафешна а, ресторанашна а тIе герзаш диттинера тIелатархочо. Цхьа стаг вийра, 13-нна кеп-кепара чевнаш йира. Полисхойн вен аьтто белира зуламхо. 29 шо хилла цуьнан. КIентан гергарчара дIахьедарехь, психикаца лазарш долуш хилла иза.