Къайлах чудеана малар дIаIанадайтина гумсхочуьнга

Ша къайлах республике баккхийчу барамашкахь духадохка дагахь чудеана йий дIаIанадайтина Гуьмсерчу вахархочуьнга Халадов Ризване. Инстаграмерчу eldit_net паблико Iораяьккхина, иза полисхоша дIалаьцна, майданахь шишанашчуьра малар лаьтта Iенош видео.

Махкарчу хаамийн гIирсаша яздарехь, маларш дохкар, эцар дихкина ду Нохчийчохь. Соьлжа-ГIаларчу цхьана супермаркетехь дийнахь шина сахьтехь бен дохка бакъо ца йитина алкоголан продукци.

Ткъа меттигерчу бахархошна магош дац оцу туьканара къаьркъа эца, полисхой хуьлу ха деш супермаркетехь.