Джемал а, цуьнан накъостий а байар таллар доьху журналисташа

Журналисташ Iалашбарехула йолчу дуьненаюкъарчу комитето тIедожийна Юккъерчу Африкан Республикан Iедалшна цу махкахь журналист Джемал Орхан а, оператор Радченко Кирилл а, режиссер Расторгуев Александр а вер сихонца таллар.

Цу комитетан векло Кинтал Анжелас шен дIахьедарехь билгалдаьккхина, журналисташ байар цензуран уггаре кIиза кеп хилар а, бекхам боцуш иза дита мегарг ца хилар а.