Африкехь байинчу журналистийн декъий дIакхачийна Париже

Юккъерчу Африкан Республикехь вийначу Джемал Орханан а, Расторгуев Александран а, Радченко Кириллан а декъий Париже деана, хаам бо Газета.ру сайто.

Цигара уьш кеманца дIакхачор ду Москох.

Болчу хаамца, журналистийн декъий эцна кема охьахуур ду Москох кху беттан 5-чу буьйсанна.