Ловзаргахь герз кхийсина жимстаг кхеле хIоттийна

Зуда ялийначохь герз кхийсина жимстаг лаьцна дагестанхойн Кизил-юртахь. Машенан буьххье а ваьлла, хIаваэхь автомат йиттина хилла цо, дуьйцу республикерчу прокуратурано.

Цо герз деттачу хенахь даьхна суьрташ а, яьккхина видео а маса дIасаяьржина хилла социалан машанашкахула, цул тIаьхьа лаьцна и стаг. Зуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал.