Гуьмсехь некъан бохамехь стаг велла

Шинарин Iуьйранна Гуьмса кIоштахь некъан бохам хилла. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайто бина и хаам.

Freightliner тIаьхьатесначуьнца юьгучу машенан 62 шо долчу шоферан урхалла карара а долуш, некъан йисте дIахьаьвзина йоккха машен тIекIал а яьлла, цул тIаьахьа машенах цIе кхерстина. Машенлелорхо велла.

Бохам толлуш бу.