Къилба ХIирийчоь 10 шо хьалха: "пхеа дийнан тIом"

Your browser doesn’t support HTML5

Шайн махках дIакъаьстина Къилба ХIирийчоь юхаерзо гIоьртинчу Гуьржийчоьнан тIеман ницкъашца 10 шо хьалха, 2008-чохь, Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь, тIом болийра оьрсаша. 5 дийнахь лаьттира оьрсийн-гуьржийн тIом. Байира бIенаш нах, махках къахкийра эзарнаш бахархой. Цхинвалехь а, цунна гонах а Iийнира цIий. Оьрсийчоьно йозуш йоцу пачхьалкхаш ю аьлла къобал йина тIеэцна Къилба ХIирийчоь а, Абхази а. Цунна дуьхьал, Гуьржийчоьно дипломатин уьйраш хедийра Оьрсийчоьнца.