Герз духкуш гIалгIай лецна Краснодарехь

Краснодаран кIоштахь герз духкуш ву аьлла, шеконашца лаьцна ГIалгIайчуьра кхо вахархо. Талламчийн хаамашца, регионерчу къайлахчу сервисийн белхахоша цара герз чудохьуш хилла канал дIакъевлина. ФСБ-н белхахочо, ша герз эца луург а хилла, Iорабаьхна зуламхой, дуьйцу прокуратуран пресс-гIуллакххоша.

Краснодаран Советский олучу кIоштарчу кхеле дIахьажийна ГIалгIайчуьрчу бахархошна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх.

Набахтехь даккха ялх шераш хенаш йогIу царна, нагахь бехк тIехь бисахь.