"Аэрофлотан" кеманаш Къилбаседа Кавказе лелар ду

Кху гурахь Москохара Соьлжа-ГIала а, Налчике а, ХIинжа-ГIала а шайн кеманаш лелийта дагахь ю "Аэрофлот" авиакомпани.

ГIадужу-беттан 28-чу дийнахь дуьйнна рейсаш йолор ю, яздо Travel.ru агенталло. Airbus A320 кеманаш дийнахь шозза гIур ду ХIинжа-ГIала. Цхьана агIор мах 4028 эзар сом хир бу. Соьлжа-ГIала 4595, Налчике 4522 сом цхьана билетах.

Travel.ru агенталло билгалдаккхарехь, хIинццалц схьа "Аэрофлот" ца хIуттура Къилбаседа Кавказе шайн кеманаш лелийта.

Гергарчу заманчохь авиакомпанин маршрутехь хила тарло Несара а, БуьритIе а.