ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан дарже кандидаташ хаьржина Путина

Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ГIалгIайчоьнан депутаташка харжийта цу республикан куьйгалхочуьнан дарже хьалхатеттина 3 кандидат. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбанан сервисо.

ГIалгIачйоьнан депутаташа харжам бийр бу карарчу хенахь и дарж дIалоцучу Евкуров Юнус-Бекана а, республикан Халкъан гуламан комитетан куьйгалхочуьнан когаметта волчу Богатырев Ильясана а, ткъа иштта Несаран гIалан гуламан декъашхочунна Евлоев Урусханна а юкъахь.