Пасторан Брансонан кхоллам хьокъехь туркоша кховдийна некъ юхатоьхна Iамерко

Iамеркан президент Трамп Доналд а (аьтто), Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп а. Архивера сурт.

Iамерко тIе ца эцна, Iамеркан пастор Брансон Эндрю дIахецарна дуьхьал туркойн пачхьалкхан Halkbank (Халкбанк) банкана ГIажарийчоьнна кхайкхийна санкцийн раж йохорна миллиардашкахь тоьхна гIуда дIадаккха аьлла, Туркойчоьно кховдийнарг.

"Дерриг а хаттарш къасто мегар ду, Брансон маьрша ваьллачул тIаьхьа", - дIахьедар дина The Wall Street Journal-е Iамеркан администрацин лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо.

"Цхьа а бехк боцу стаг дIахецарна цхьа а ахча лур дац оха, амма Тукройчоьнца йолу юкъаметтигаш дIахедор ю", - яздина Iамеркан президенто Трапм Доналда твиттерехь.

амеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш галйовларна цIеххьана дайделла туркойн лира.