Шен къоман эшарш бахьана долуш йиттина нохчийн зудчунна

Your browser doesn’t support HTML5

"Со, Дудаева Табарак, еха ГIалмакхойн махкарчу Йоккха Царын юьртахь. Сайн машенчохь лоькхуш нохчийн эшарш а йолуш со туькана стенна еъна аьлла, йиттина суна шина стага", - аьлла кехат кхаьчнера Маршо Радиога. Оха къамел дира кехатан авторца а, меттигерчу полицица а, зудчунна йиттинчу гIалмакхочуьнца а. Бакъду, ца карийра я полицино а, я зудчух леттачо а хиллачун буьззина мах хадош…