Москох полисхошна герз деттар доьзна дац Нохчийчохь хиллачуьнца

Москох. Полисхошна тIелтар дина меттиг. 23.Марс.2018

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрало дийцарехь, Москох, герз а тухуш, полисхошна дина тIелатар доьзна дацара Нохчийчохь кху беттан 20-чохь хиллачуьнца. Цунах лаьцна хаам бина ТААС агенталло.

Хаамийн агенталлаша бинчу хаамца, еарин сарахь Москох 31 шо долчу стага тапча йиттина полицин белхахошна. Лента.ру хаам барехь, иза ву ГIебартойн-Балкхаройчуьра Кунашев Ренат. Дуьхьал герз а тоьхна, чевнаш хилла иза охьавиллинера клинике. Цигахь и стаг велла.

Цу жимачу стага полисхошна тIелатар даран бахьана хууш дац.

ТIелатар диначехь яьккхина видео зорбане яьккхина талламан комитето.