Велла Iамеркан сенатор Маккейн Джон

Маккейн Джон.

Iамеркехь велла сенатор Маккейн Джон. Иза вара Вьетнамехь хиллачу тIеман турпалхо, цкъа цул тIаьхьа цуьнах хилира Iамеркан уггаре а Iаткъаме болчу политкех цхьаъ.

Маккейн вуно дуьхьал вара Путин Владимиран политикан рожана. 2007-чу шарахь цо дIахьедар дира, Москох дуккха а кхераме ю дуьненаюкъарчу кхерамазаллина, "Исламан пачхьалкхалла" а аьлла.

Оццу хенахь иза вевзаш вара Сенатехь (Республикан партин цIарах сенатор) дийцарш дан, хIоьттина чолхе хьал дIадерзо маслаIат лаха кийча волу стаг санна.

Нисса 10 шо хьалха (2008 шо) Марсхьокху-беттан 26-чохь сенаторо Маккейна дIахьедар дира, Оьрсийчоьно, бакъонца а доцуш, Къилба ХIирийчоь а, Абхази а дIалаьцначул тIаьхьа Малхбузерчу пачхьалкхаша ойла ян еза, Къилбаседа Кавказ а, цIий Iенош Оьрсийчоьнера ницкъ лайна Нохчийчоь а йозуш йоцуш хилар къобул дарх лаьцна аьлла.

Маккейн Джон тIаьхьарчу шерашкахь балахьогуш вара, цIе ца йоккху цамгар а кхетта. Цуьнан дара 81 шо.