Полисошна тIелатар динчу вежарийн АхматовгIеран да латтош ву Шеларчу полицехь

Шела йистехь лаьтта полисхойн пост.

Шеларчу полицин декъан керта вала гIоьртинчу шина вешин АхматовгIеран да Марсхьокху-беттан 20-чохь дуьйна лаьцна латтош ву ницкъаллин структураша, яздо "Кавказ.Реалиино.

Болчу хаамца, цуьнан ваша а, вешин бераш а, ткъа иштта 9 шо долу цуьнан кIант а дIахецна полисхоша Марсхьокху-бутт чекхболуш.

Хьалхо нохчийн министро Умаров Джамбулата дIахьедар динера, низамаш лардечу органаша дIабаханчу беттан 20-чахь байинчу кхиазхойн гергарчарна цхьана а кепара Iаткъам беш бац аьлла.