Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан ЛДПР партин цIарах депутат волчу Жигарев Сергейна йиттина жима стаг лаьцна Нохчийчохь. Цуьнан цIе ю Даудов ИбраьхIим. Цунах лаьцна хаам бина РЕН ТВ сайто.
Жигаревна йиттинера Москох, иза машена чуьра ара а такхийна. Дийцарехь, нохчи тIехIоьттина хиллера депутатца юкъаметтигаш къасто еанчу шена евзаш йолчу жимачу зудчунна Синтюрова Ольгина.
Синтюревас чIагIдарехь, депутат цунна кхерамаш туьйсуш хиллера, урс а даьккхина. Хилларг дIаяздинера видеокамераша.
РЕН ТВ-но бинчу хаамца, Даудов гергарчу хенахь дIакхачор волуш ву Москох.