Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна а, режиссерна Сенцов Олегна а тIехIитта жигархой баьхкинера Варшаверчу ОБСЕ-н конференци.
Маршо Радионо ма-яздарра, Товбеца-беттан 19-чохь дуьйнна Шела гIалин кхелехь хоттуш ду Титиевн дов. Дахначу еаридийнахь кхеле баьхкинера Швецин Civil Right Defenders организацин бакъонашларъярхой.
ХIора шарахь хIотточу ОБСЕ-н конференцехь Варшавехь жигархойн тийналлин акцица болийра болх, хаамбо "Мемориал" центро шен Телеграм-каналехь.
Жигархоша тIейоьхначу Iаьржа а, кIайн а кучамаш тIехь йозанаш дара #saveolegsentsov, #saveoyub аьлла. Украинхойн делегацин декъашхочо Айвазовская Ольгас хаамбарехь, Оьрсийчоьнан векалш бистхуьлучу заманчохь хIоттийнера акци.
"Оьрсийн делегаташа дош олучу хенахь, царна дуьхьал дIахIуьттура жигархой Кремлан тутмакхийн цIераш тIехь йолчу кучамашца", - яздина цо Фейсбукерчу шен агIон тIехь.
Демократин институтшна а, адамийн бакъонашна а лерина ю оршотдийнахь Варшавехь схьайиллина конференци.
Шина кIиранах дийцарш дIахьур ду цигахь адамийн бакъонех, дешан маршонех, мухIажирийн бакъонех, расизмаца, ксенофобица, дискриминацица къийсам латторах, хаамбо ТАСС агенталло.