Полшан, Белоруссин доза хадош нохчий лецна

Брестан дозанхоша Каменецкан кIоштахь низамаш хьоьшуш шайн лаьтта тIехула дехьавала гIерта кхо стаг дIалаьцна, хаамбо Госпогранкомитетан сайтерчу информацица БЕЛТА хьостано. КIирандийнан сатосучу хенахь хилла и инцидент.

Белоруссин, Полшан дозанашна гена йоццучу меттигехь тIеIоттабелла царна дозанхой. Лецнарш Гуьмса кIоштара бахархой бу. Церан Iалашо хилла Малхбузерчу Европе дIакхача.

Административан процесс йолийна царна дуьхьал. Белорусси бахка 5 шарна дехка а доьхкуш, депортаци йийр ю царна шайн даймохка.

Цкъачунна доханхойн урхаллерчу набахтехь латтош бу лецнарш.