Венехь вайначу нохчочун дакъа карийна

Дахначу кIирандийнахь 17 шо долчу Мантаев Мохьмадан дакъа карийна Дунай хинан татол чохь. Цуьнан гергарчу нахах волчу стага бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

Цхьа кIира а дара Мантаев вайна, Австрин полисхоша лоьху. Венерчу нохчийн диаспоран векалша социалан машанашкахула а даржийнера вайначун сурт. Мантаевн мобилан телефонехула цуьнан лар лехнера полисхоша. Билгалдаьллера иза тIаьххьара кху беттан 3-чохь телеофонан зIенехь хиллийла Дунай хина герггахь.

Цул тIаьхьа лехамашка бевллачу орцанхошна карийна цуьнан дакъа хи чохь. Мантаев Мохьмад валаран бахьанаш цкъачунна хоуьйтуш дац, дакъа этIийначул тIаьхьа гIарадоккхур ду Iедалша.