Немцов вер листинчу талламхочунна совгIат делла

Оппозиционер Немцов Борис веран гIуллакх теллинчу тобан куьйгалхочунна Тутевич Николайна Къонахаллин мидал елла. Бакъонан информацин сайте даьккхина цунах Оьрсийчоьнан президентан омра.

2015-чу шарахь Немцовн вер толлучу тобан куьйгалле хIоьттинера Тутевич Николай. Хаамашкахь яздора, Нохчийчуьура схьабевллачу бахархошца доьзначу зуламан гIуллакхашна тIехь зеделларг долуш ву Тутевич бохуш.

Пачхьалкхан Думан депутат Ямадаев Руслан вер а теллира цо.