Алтамировн адвокаташа дуьненаюкъаралле латкъам бина Боснин Iедалша бинчу сацамна

Босни - Сараевон кхелан хьалха лаьтта полици. Гайтаман сурт.

Алтамиров Ахьмадан адвокаташа Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу комитете латкъам бина Боснин а, Герцеговинин а юстицин министралло цунна экстрадици ян сацам барна. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино, "Vayfond" (Швеци) юкъараллан векална Садулаева Аминина тIе а тевжаш.

Адвокаташа иза дина Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел шозза реза ца хилча Алтамиров Оьрсийчоьно дIавалар сацор хьокъехь 39 бакъонах пайд аэца. "Иза мичча хенахь дIахьажо мегаш ву Оьрсийчу", - билгалдаьккхина Садулаевас.