Тиматина критика йинчу Нурмагомедовн пост дIаяьккхина Instagram-о

Нурмагомедов Хьабиб.

Instagram-н администрацино дIаьяьккхина Тиматина а, Крида Егорна а критика еш Нурмагомедов Хьабиба арахецна пост. МостагIе къамелаш а, симболш а йогIуш яц шайн (Community Guidelines) кепашца, аьлла ду цу социалан машанан администрацино динчу дIахьедарехь.

Нурмагомедовс шен агIонехь дIахIоттийна цу дIахьедаран скриншот, шен пост дIаяьккхина инстаграмо аьлла, йоза а дуьтуш.