ГIалгIайн полисхо лаьцна, наркотик а йоккхуш

Гайтаман сурт.

ГIалгIайчохь 37 шо долу полицин белхахо лаьцна, наркотикаш лелорна шеко йолуш. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.

Талламхоша дийцарехь, кху беттан 19-чохь Малгобекехь героин олу наркотик эцна хилла цо. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу кхерамазаллан декъан белхахоша лаьцна иза, наркотик схьа а йоккхуш.

Полисхо талламан изоляторехь ву. Цхьаболчу хаамашца, иза ву Малгобекан полицин декъан белхахо Гуражев Адам.