Джошуас нокауте вахийтина Поветкин - ББС

Джошуа Энтони а (аьрру), Поветкин Александр а.

Британерчу боксёро Джошуа Энтонис эшийна Оьрсийчуьра Поветкин Александр, хаам бо ББС-но. И шиъ летира езачу йозаллан категорехь дуьненан чемпионан цIе къовсуш.

ВорхIалгIачу раундан 2-чу минотехь Джошуас буй тоьхна нокауте вахийтина Оьрсийчуьра боксер.

Цу кепара Джошуа цкъа а ца эшна шен карьерехь.