Дагестанан хиллачу куьйгалхочун ваша лаьцна латтош ву

Дагестанан хилла куьйгалхо Абдулатипов Рамазан

Дагестанан дешаран, Iилман, синбахамаллин, кегийрхойн, спортан, туризман гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Абдулатипов Раджаб Лахьан -бутт баллалц лаьцна вуьтуш, сацам тIеэцна кхело. Дагестанан урхалхо лаьттинчу Абдулатипов Рамазанан ваша ву иза.

Республикерчу медицинан, социалан экспертизан бюрон белхахошца цхьана кхаьънаш эцна ву аьлла, шеконашца дIалаьцна иза.