Оьрсийчоьно эзарнаш бахархой байина Шемахь

Шема -- Бомбанаш тоьхначул тIаьхь цIе йойъуш бу цӀеяйархой Идлибехь.

Оьрсийчоьно кху тIаьхьарчу кхаа шарахь Шемахь тIеман операци дIахьош вийна 18 эзар сов стаг. Царна юкъахь 8 эзар гергга маьрша вахархо ву, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш. Цунах лаьцна хаам бина Британехь куп тоьхначу адамийн бакъонаш талхорна тидам бечу Шеман центро.

Шайн дIахаийтар арахецна бакъонашларъярхоша Оьрсийчоь Шемарчу конфликтана юкъагIоьртина 3 шо кхачарца доьзна. Цара билгалдаьккхина дуьненаюкъаралла гIорасиз хилар, Москохна Iаткъам бан.

Бакъаонашларъярхоша кхайкхам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташоне, Шемахь тIеман зуламаш динчу нахана йогIуш йолу кхел яйтар доьхуш.