Пенсе воьду хан тIетуху низам къобалдина Федерацин Кхеташоно

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно кхаарин дийнахь къобулдина пенсе воьду хан тIетохарх лаьцна низам. И хилам онлайн рожехь гойтуш бара парламентан лакхарчу чоьнан сайта тIехь.

Низам тIеэцарехьа кхаж тесна 149 сенаторо. Дуьхьал хилла 5 парламентарий. Лакхарчу чоьнан 3 декъашхочо кхаж а ца тесна.

Хьалхо и низам тIеийцира Пачхьалкхан Думо.