Дозанийн хьокъехь митинг ю Магасехь йоьдуш

Карарчу хенахь лаххара а 2000 стаг ву Магасерчу Iедало делла пурба а доцуш вовшахкхеттачу гуламехь дакъалоцуш. Полицино къевлина Iедалан хIусамашна тIебоьлху некъаш, нах гIаш боьлху мехкан дозанаш хийцарна дуьхьаллаьттачу тобанна тIе, хаамбина "Яблоко" партин меттигерчу декъан лидеро Муцольгов Руслана. "Кавказский Узело" кеп-кепара даладо дакъалацархойн терахьаш, 2000 тIера 5000 тIекхаччалц.

Гуламхошлахь дуккха а бу фото, видео йоху нах, шайлахь ницкъхойн векалш а тIехь болуш, яздина Муцольговс шен фейсбук-агIонтIехь.

КIира хьалха Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а куьйгаш яздира шина республикан дозанаша дIанисдарх болчу бертан кехатна буха. Цуьнца а догIуш, Теркан дукъа тIерачу Эки-Юьртанна гергарчу республикийн дозанехь вовшашца барамашкахь цхьабосса йолу, 2000 гектарах лаьтта, цхьацца лаьттанийн аса хийцина шина куьйгалхочо. Амма оцу хийцамашна реза ца хилла ГIалгIайчоьнан цхьаболу бахархой.