МиГ-29 чудеана Коломнехь

МиГ-29.

МиГ-29 тIеман кема чудеана Подмосковьерчу Коломнехь. Пилоташ чулилхина кIелхьарбевлла.

Кема охьадоьжна Дмитровское эвлана гергарчу хьунхахь. Иза чударан бахьана хууш дац. Иза къасто леррина комисси кхоьллина Iедалша.