Прокуратуре латкъам бина ГIалгIайчуьрчу депутаташа

ГIалгIайчоь -- Халкъан гуламан хIусам.

ГIалгIайн цхьаболчу депутаташа прокуратуре а, Талламан комитете а латкъам бина Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бина барт къобул беш кхаж тасаран жамI харцхьадаьккхина аьлла.

Цара чIагIдарехь, дукхах болу депутаташ дуьхьал бара и документ тIеэцарна. Латтанаш цхьатеррачу барамехь хийцарх лаьцна низам тIечIагIдинера ГIалгIайчоьнан халкъан гуламан (парламент) декъашхоша ши де хьалха. Цул тIаьхьа цунна тIе куьг таIира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша.