Нохчийчу инвестицеш хьажо реза бац Рязанан бахархой

Инвестицешца Нохчийчу кхача тарло регионера бизнес аьллачу Рязанан кIоштан губернаторан Любимов Николайн дIахьедар критике даьккхина меттигерчу бахархоша. Социалан машанашкахь эргIадбахначу бахархоша комментареш йитина: "Рязанан инвестицеш? Нохчийчу?", "Рязань серлаяккха ца лаьа Любимовна? Суьранна ялх даьллачул тIахьа са а ца гуш вуьссу", бохуш.

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна хIоттийначу барамахь дIакхайкхийнера Рязанан кIоштан губернаторо Любимов Николайс, Нохчийчу инвестицеш хьажо ша кийча хиларх.