Непалерчу лаьмнашкахь дарц даьлла нах белла

Непалерчу Гурья Химал лам тIехь дарц хьаьвзина велла 9 альпинист. The Kathmandu Post газетано бина и хаам. Цара яздарца, еаридийнахь 7193 метар лекхачу Гурья Химал лома тIехь хилла и бохам. Къилба Корейра пхи вахархо а, царна некъ гойтуш улло ваьлла Непалера 4 накъост а хилла уьш. Тобан хьалханча хилла 48 шо долу корейхо Хо Ким Чан.

The Himalayan Times газетан билгалдаккхарца, шен дахарехь дейттозза 8 эзар сов метар лекхачу лаьмнийн баххьаш тIе вийлина ву иза кислорадан гIирсах пайда а ца оьцуш.