ТIедогIучу кIиране дIаяхъеш ю Магасера митинг

ТIедогIучу кIиране кхаччалц дIаяхъян магийна ГIалгIайчоьнан Iедалша Магасехь лаьтта митинг аьлла, хаамбо мехкан урхалхочун пресс-гIуллакххоша. Оцу юкъанна митинг вовшахтоьхначара дехар динера Iедалхошка карарчу беттан 25-чу дийне кхаччалц латта бакъо йоьхуш.

Нохчийчоьнца дозанаш къастийча эргIадбахначу гIалгIаша дуьхьалонан акцеш йолийра.

Де хьалха "Эхо" хьостана еллачу интервьюхь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека территореш билгалъяхар кхи дIа дахдан йиш яцара аьлла, ша куьйгашяздарна дохковаьлла цахилар билгалдоккхуш.