Керчехь теракт йинарг 22 шо долу студент ву - Аксенов

Керч.

Керчь гIаларчу колледжехь эккхийтар дина 22 шо долу студент велла, ша шена тоьхна. Цунах лаьцна дIахьедар дина ГIирмерчу Iедалан куьйгалхочо Аксенов Сергейс, хаам бо "Интерфаксо".

Аксеновс дийцарехь, верриг а цу тIелатарехь вийнарг ву 18 стаг, кхин а 50 гергга адам лазийна ду.

Аксеновс бинчу хаамца, полисхошна карийна студентан дакъа шолгIачу этажа тIехь йолчу библиотекехь.