Дагестанан полицино лаьцна дукха хан йоцуш йийна карийначу Омарова Калиматан доьзалера ахча даккха гIоьртина хиларна шеко йолу ши стаг. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино, "Черновик" газетана тIе а тевжаш.
Калиматан да-нана дехачу хIусаман гергахь долчу тIекъелдинчу цIенон лифта чохь кехат карийна, йийначу 8 шо долчу йоIан нене хьажийна долу. Муьлш бу ца хуучу наха 2 миллион сом доьхуш хилла цуьнгара, бер долу меттиг юьйцург.
Ахча даккха гIоьртинарг ву Каспийскера а, Леваши эвлара а ши вахархо. И шиъ къера хилла шаьш диначунна. Цу шинна бехке дилла мегаш ду нуьцкъала ахча даккха гIортар.
Омарова Калимат туькана яха араяьлла хиллера Товбеца-беттан 29-чохь. Цул тIаьхьа иза яйнера, лар йоцуш. ЙоI карийра Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь Каспийскехь, дегIа тIехь къиза йийна хиларан ларш а йолуш.