ГIалгIайчохь лачкъийначу стеган дена ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан кхеташо, Страсбург. Гайтаман сурт.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (Страсбург) Оьрсийчоьнна тIедожийна 2009-чу шарахь кIант лачкъийна висинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна Махлоев Хамутханна 63 эзар евро далар.

Цуьнан 22 шо долу воI Махлоев МасIуд дуьххьара лачкъийна хилла 2006-чу шарахь ГIура-баттахь. Сихха орца даьккхинчу гергарчарна 4 де даьлча карийна иза Соьлжан кIоштан полицин талламан изоляторехь.

Цигахь етташ хьийзош хилла жима стаг, цу полицин хьаькаман когаметтана Мержоев Iийсана вен дагахь тIелатар дина хилар тIелаца бохуш.

2007-чу шарахь Махлоев дIахецна, бехказа а ваьккхина. Амма цунна тIаьхьара бовлуш ца хилла Iедалхой. 2009-чу шарахь балха воьдуш герз тоьхна чов йина Махлоевна, цул тIаьхьа дарбанан хIусамера араваьлча, герзаца хиллачу наха лаьцна дIавигина вайна иза.