50 процент бахархой ца теша зорбанех

Журналист Соловьев Владимир

Оьрсийчоьнан бахархошна информаци дIакхачон коьрта гIирс бу телехьожийла. Хаттамбинчех 69 процент нах хьуьйсу цуьнга. Интернет ю шолгIачу меттигехь. Денна 60 процент бахархой буьйлу цу чу. КхолгIачу декъо радиога ладугIу, ткъа 11 проценто газеташ доьшу. Бахархойн инициативан Комитето а, "Медиастандарт" фондо а, талламан "Циркон" тобано а бинчу талламийн жамIаш ишта ду.

Оцу юкъанна пачхьалкхан телеканалаша яржо информаци бакъ хета 63 процентна.

Интернетехь Iорабохучу хаамех теша 18 % респонденташ. Социалан машанашкахь бакъдерг дуьйцу аьлла хета 15 процент бахархошна.

Телеграм-каналех тешам лаьтта 4 процентан.

Дозанал а арахьарчу телеканалаша а, радиостанцеша а бакъдерг даржадо аьлла 3 проценто.

Iаткъаме хета журналистан професси 53 процент респонденташна, кхолгIачу декъо маьрша говзалла лору и.

Оьрсийчохь уггар а авторитете ву аьлла, билгалваьккхина журналист Соловьев Владимир.

Ишта цIе яьккхина Малахов Андрейн а, Познер Владимиран а.

Интернет-журналисташлахь Дудь Юрийн цIе яьккхина (YouTube-ра "вДудь" канал).

Дика йоза долчех ву "Новая газетан" журналист Быков Дмитрий а, 2006-чу шарахь йийна Политковская Анна а.

Ткъа хаттамехь дакъалаьцначу журналисташа билгалвьккхина Познер Владимир а (20 процент), Парфенов Леонид а (16 %).