ГIалгIайчохь журналисташна а, бакъонашларъярхошна а динчу тIелатарх йист яьлла яц

Къизаллашна дуьхьалояран комитетан куьйгалхо Каляпин Игорь

ГIалгIайчохь журналисташна а, бакъонашларъярхошна а дина тIелатар талларх жамIаш дина къизаллашна дуьхьалояран комитето (КПП). ТIелетта 30 бутт хан яьллехь а, тахана а кьаьстина бац бехкенаш, талларан материалаш гайта аларх йист йолуш яц аьлла, хаамбина бакъонашларъяран комитето.

2016-чу шарахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь яххьаш лечкъийначу наха тIелетар а дина, йиттинера бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, ишта уьш дIасалелочу микроавтобусан шоферна а.

Тобанах виъ стаг дарбан цIийне вигинера. Царех цхьахволчо даредарца, тIелеттарш Нохчйичуьрчу лоьмаршца йолчу машенашкахь хилла. Ишта цара оьрсийн маттахь дора къамел, къаьсташ акцент а йолуш аьллера цара.

Стохка Iай арздинчийн адвокато хаамбира, бехкенаш кара а ца бина, гIуллакх таллар сацийна аьлла. Цул тIаьхьа бутт баьлча юха а талла долийнера бехкзуламан гIуллакх.

Кху 30 беттачохь каро аьтто ца хилла тIелеттарш, я бIаьргтоьхна бац талламаш дIабахьаран кехаташка а аьлла, билгалдоккху къизаллашна дуьхьалояран комитето, "Кавказан узел" агенталле дIакхачийначу информаци тIехь.