ГIалгIайн жигархоша "доттагIаллин машенаш хахкар" дIадаьхьна Нохчийчоьнан дозанца

Буммат.

"ТIемашкахь дакъалаьцна Оьрсийчоьнан ветеранаш" олучу юкъараллин декъашхоша машенаш хахкар дIадаьхьна ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а вежараллина хьажина. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.

15 машенах лаьтта ковра чекхъяьлла шина республикан дозанца Iохкучу ярташкахула. Цу акцин декъашхоша хаийтина Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь машар а, къепе хиларехьа шаьш хилар а, къаьмнашна юкъахь дов даккха гIертарна дуьхьал хилар а.

Бумматан маьждигехь цара ламаз дина меттигерчу бахархошца цхьаьна.