Кадыровн "къурд" олуьйту кхел

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчохь шех "паччахь" олучу Кадыров Рамзана паччахьо санна ерзайо шена критика йинчуьнца юкъаметтиг. Юхьанца даьржа критика ечу стеган я зудчун майра аз, видео, йоза. Цунна тIаьххье мехкан телевизионо иза гойту, воьлхучу я йоьлхучу хьолехь хьийзаш, "шайтIа бахьана долуш" ша динчу къамелна Рамзан къинтIера воккхуш.