Ларамаза ша-шена тапча тоьхна полисхо велла Нохчийчохь

Нохчийчохь велла 25 шо долу полицин сержант. Ша-шена ларамаза тапча тоьхна цо.

И инцидент хилла Шелковской кIоштахь. Талламхоша бинчу хаамца, велларг забар ян гIоьртина шен накъосташна хьалха. Тапча шен лерган юххе а лаьцна лаг озийна цо.

Полисхо велла оццу маьIаргонна.